По щучьему велению- без малейших усилий,(что-то происходит)само-сабой!
Муку мололи греки уже в четвёртом веке.
Правильный ответ:
Муку нельзя молоть, молоть можно только зерно.
Къеначу лаьмнашций,
Ширачу хьаннашций,
Д1адевлларш хьехадеш,
Къамел дан йиш хилча,
Ц1ий лайнчу т1улгаший,
Т1ом гинчу пепнаший,
Ладоьг1ург велхавеш,
Хийла аз хазор дара.
Кхолламо дай, дедай
Х1етахь ца хьистина,
Вон хьоьгуш, диканах
Цар дог ца диллина,
Маьршачу нохчичо,
Къиза ницкъ т1ете1арх,
Эхье къурд аьлла дац,
Г1орасиз ша висарх!
Шайнчул сов ницкъ болчо,
1азапехь бахкийна,
1адато тилийна
Дай б1аьрзе вайн хилла.
Амма цар лардинарг,
Нохчийн сий кхоьллинарг
Безам, Барт, Оьздалла,
Майралла, Бакъ хилла!